Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 1:5 - Делан Йозанаш

5 ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 1:5
11 Referencias Cruzadas  

Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:


Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:


«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла.


Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гӀо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгӀаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна лерина долу».


Цул тӀаьхьа буьйсанна сайца масех стаг а волуш, со аравелира. Дала сайн дага чу диллина долу Ярушалайман дуьхьа айса дан луург цхьана а стаге ца дийцинера аса. Соьца цхьа а тайпана дийнат а дацара, со тӀехиъна йолу вир йоцург.


Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду.


ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахӀоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира.


Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гӀо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха.


ХӀунда аьлча Шен дикачу Ӏалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гӀуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву.


Хьоме доттагӀа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гӀуллакхаша гойту – иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гӀуллакхаша гойту – цунна Дела гина ца хилар.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios