Ӏезар 1:3 - Делан Йозанаш3 Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхӀуд-махкарчу Ярушалайме а гӀойла, аша Везачу Элан цӀа а дойла. Ver Capítulo |
Иштта, шен кӀанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дӀадоладе и гӀуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хӀунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цӀа дӀахӀоттош ахь дан деза гӀуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц.