Ӏезар 1:2 - Делан Йозанаш2 «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. Ver Capítulo |
ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦӀенна чуьра пхьегӀаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гӀарбашаша а царна чуьра чагӀар мийлира. ХӀумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тӀулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеӀар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира.