Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 1:11 - Делан Йозанаш

11 Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бӀе детиххий, дешиххий йина пхьегӀа яра. Шишбацара и хӀуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дӀаяьхьира.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 1:11
11 Referencias Cruzadas  

Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо, царна чуйогӀура богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудутту боганаш а.


дешин кедаш – ткъе итт; кхидолу детин кедаш – биъ бӀе итт; кхидолу кедаш – цхьа эзар.


ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора стаг шен-шен гӀала юхавирзина.


ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла.


Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь йийсарера юхабирзинчу яхӀудхоша «Пасахь» олу дезде даздира.


Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Сулим-паччахьан назма. Нагахь цӀа Везачу Эло Ша дойтуш дацахь, иза дечара эрна къахьоьгу, нагахь Везачу Эло гӀала ларъеш яцахь, гӀаролан сема хилар эрна ду.


Даудан доӀа. Веза Эла, ладогӀахьа сан доӀане, тахана гӀийла а, миска а ву со.


Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Шен дезачу цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалайм-гӀалахь а йисначу хӀуманех лаьцна иштта боху:


И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тӀаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тӀеэца кечдинера.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios