Ӏезар 1:1 - Делан Йозанаш1 Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а: Ver Capítulo |
ЯхӀудхойн тхьамданаша Делан цӀа даран балха тӀехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Ӏидун кӀант волчу Закри-ЯхӀус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хӀиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тӀедиллинарг.