9 И четар хӀинцалерчу заманан билгало ю: совгӀаташа а, сагӀанаша а Далла Ӏибадат дечун дог цӀандан ца тарло,
Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тӀехь Ӏожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агӀор хьаьжча, шел тӀаьхьа вогӀу Волчух тера вара Адам.
ТӀаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чӀагӀонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХӀунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара.
Муьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш.
ИбрахӀимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла – ткъа цо шен кӀант веллачуьра санна схьаийцира.
Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.
Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш?
ХӀинца Иза лаьтта тӀехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хӀунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагӀанаш дохуш болу динан дай.
ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.
ХӀинца шу кӀелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма цӀеначу дагца Деле йина чӀагӀо ю. Дала леррина къобалвина Ӏийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кӀелхьардоху.