8 Цу хӀуманца Делан Сино гойту Делан четар чу боьду некъ схьабиллина цахилар, хьалхара четар лаьтташ мел ду.
ТӀаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагӀий Ӏуйшца хӀордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг?
Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чӀагӀлуш а дара. Иза акхачу, адам кӀезиг долчу меттехь Ӏаш дара, Исраилан халкъана гӀуллакх даллал ша хиллалц.
ТӀаккха юха а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагӀашна дина долу ков ду.
Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кӀелхьарвоккхур ву. Иза ладогӀарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю.
Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен.
Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дӀабаха гӀерташ болчу хенахь, ПахӀала элира хӀара тӀаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула шун дайшка:
Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахӀиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла.
хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела.
Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца:
Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
ШолгӀачу декъехь кирхьанна тӀехьа «уггар еза чоь» цӀе йолу чоь яра.
ХӀунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.