Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 9:7 - Делан Йозанаш

7 ШолгӀачу цӀа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цӀий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тӀера даьккхина долу.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 9:7
23 Referencias Cruzadas  

Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тӀорказна тӀе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тӀорказна уллохь велира.


Амма ЯхӀудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тӀе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара.


ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».


Къинна дуьхьал даьккхинчу сагӀин цӀий а эцна, шарахь цкъа АхӀарона оцу кхерчан маӀаш тӀе хьакха деза и цӀий, кхерч цӀанбархьама. Шуна тӀаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цӀанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза».


ЧагӀаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагӀаро галбоху. ЧагӀаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хӀиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гӀуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу.


Цундела Аса кхидӀа а оцу къомана инзаре хӀуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Ӏаламат тамашийна гӀуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац».


Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гӀело йо, зударша санна, олалла а до цунна тӀехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Ӏехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара.


Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дӀабуьгурш туьлуьйтуш бу.


«Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цӀунах, ткъа гӀожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло. Цатешаме хиларан сино уьш тилийна. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, Делах дӀабирзина уьш.


Иза гуттаренна а шуна тӀедиллина хӀума хир ду: исраилхойн дерриг а къинош шарахь цкъа дӀадахар». Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, кхочушдира АхӀарона дерриг а.


Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гӀуда такхаран сагӀина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала а гечдийр ду цунна.


ТӀаккха кадечун а дӀавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тӀемалочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац.


Дерриге а Исраилан халкъана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза. ТӀаккха халкъана гечдийр ду, и гӀалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гӀалатана цо Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа а, къинан сагӀа а даьккхина дела а.


Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хӀунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ а ду.


Амма сагӀанаш дахарца хӀора шарахь а къинош дагадохкуьйту.


И дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зӀе ю. Делан стигалийн цӀа чохь йолчу кирхьанна тӀехьа дӀайоьду иза.


Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.


ШолгӀачу декъехь кирхьанна тӀехьа «уггар еза чоь» цӀе йолу чоь яра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios