Ӏебархошка 9:5 - Делан Йозанаш5 ТӀорказна тӀехула тӀемаш а даржийна, къинош дӀадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХӀинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн. Ver Capítulo |
Цул тӀаьхьа Везачу Элана дӀахӀотто дезачу цӀийнан дехкина суьрташ тӀехь долу кехаташ дӀаделира Дауда шен кӀанте Сулиме. Оцу кехаташна тӀехь Везачу Элан цӀенна гонах хир йолчу чоьнийн, кертахь хир йолчу гӀишлойн, цуьнан чоьн-цӀенойн, тӀехула хир йолчу а, чухула хир йолчу а чоьнийн, адамаш къинойх цӀандеш хир йолчу меттиган дехкина суьрташ дара.
Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.