Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 9:4 - Делан Йозанаш

4 Хаза хьожа йогӀу хӀума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тӀорказ а дара цу чохь. ТӀорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегӀа а, маргӀалш хецна хилла йолу АхӀаронан Ӏаса а, бартбаран экъанаш а яра.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 9:4
26 Referencias Cruzadas  

бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогӀу хӀума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш цӀеначу деших дина еш; уггар езачу чоьнан чуьра неӀарийн а, Делан цӀийнан вукху неӀарийн а кӀажаш, деших дина долу.


Везачу Эло вайн дай Мисар-махкара арабаьхча, Ша цаьрца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш чу йохку деза тӀорказ латто меттиг кечйина аса оцу цӀа чохь».


Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. И тӀулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тӀаьхьа.


Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. ТӀулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тӀаьхьа.


Четаран лакхахь уллу мӀерех дӀатаса и кирхьа. Цунна тӀехьа дӀахӀоттаде бартбаран тӀорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дӀакъастор ю.


Синай-лам тӀехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тӀулган ши экъа елира Везачу Эло.


Муса лам тӀера чувоьссира, шен карахь тӀулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тӀехь шинна а агӀор яздина йозанаш дара.


Карахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тӀера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела.


Акацин дечигах хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бира. Иза беакӀов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьӀӀехь маӀаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш.


Тоьшаллин тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а гайтира исраилхоша цунна.


Цу чу тӀулгийн экъанаш чохь йолу тӀорказ хӀоттаде, цунна дуьхьал шаршу а оллий.


Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерча тӀера богуш болчу кӀоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, схьа а эцна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхӀарона.


Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а».


Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Ӏасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».


ШолгӀачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхӀаронан Ӏасано, заза а даьккхина, чӀенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тӀе зезагаш а даьлла, миндал олу, бӀаран тайпа болу, стом беллера цо.


Шовзткъа де-буьйса дӀадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тӀулган ши экъа, бартбаран экъанаш.


Везачу Эло шуьца бина барт тӀеязбина йолу тӀулган экъанаш схьаэца со лам тӀе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш.


Стигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.


ТӀаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоьттира. Иштта алссам хьожа йогӀу хӀума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доӀанашца цхьаьна, Делан Ӏаршана хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу дашо кхерчана тӀе Далла лерина долчу сагӀина охьайиллархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios