Ӏебархошка 9:28 - Делан Йозанаш28 иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву. Ver Capítulo |
Къинойн гӀуда такхаран сагӀина Ӏийса дӀавелира Дала. Ӏийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гӀуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таӀзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХӀинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Ӏийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца.