Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 9:23 - Делан Йозанаш

23 Стигалахь долчух тардина кхоьллинарг иштта цӀандан деза. Ткъа стигалахь дерг ша а хӀокхарал а тоьллачу сагӀанашца цӀандан деза.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 9:23
14 Referencias Cruzadas  

Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?»


Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла.


Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тӀаккха юха а веана, Со волчу дӀадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама.


Аша а, коьртачу кхеташоно а тӀеман коьртачу хьаькаме дехар де, ПахӀал шаьш долчу валавайта алий, цуьнан гӀуллакх кхин цкъа а дикка таллархьама. Шуна тӀекхачале, иза вен тхо кийчча ду».


ХӀунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегӀан ӀиндагӀ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду.


Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ӀиндагӀ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хӀора шарахь гуттар а дохучу сагӀанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогӀу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу.


ХӀунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цӀийно къинош дӀадохур дац.


Цара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ӀиндагӀ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тӀехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а».


цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.


ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.


Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios