Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 9:22 - Делан Йозанаш

22 Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хӀума цӀийца цӀандеш ду, цӀий ца Ӏанийча, гечдар ца хуьлу.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 9:22
14 Referencias Cruzadas  

Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант! Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Иштта ду дийнаташ дагоран сагӀа даккхарна а, цунна тӀе цӀийн цинцаш тохарна а лерина долу сагӀа доккхучу кхерчана а лерина долу парзаш, иза бина баьлча.


ГӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий, цхьажимма схьа а эцна, цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду динан дас.


Ӏахар гӀуда такхаран сагӀина лерина бен а бийна, цуьнан цӀий цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а хьокхур ду динан дас.


Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу Ӏуттур ду динан дас.


ДегӀан са цӀийна чохь долу дела, Аса цӀий сагӀа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цӀий Ӏанорца шун синош къинойх цӀандайтархьама. Шена чохь са долчу цӀийно къинош дӀа ма доху.


Къинах долчу сагӀина йийначу старгӀица диннарг дан деза кху старгӀица а. Иштта динан дас царна тӀера къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала царна гечдийр ду.


Ерриг а мохь кхерча тӀехь яго еза, бертан сагӀа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду.


Ӏахаран ерриг а мохь схьакъасто еза, бертан сагӀа доккхуш бийначу Ӏахаран санна. Динан дас кхерча тӀехь, кхидолчу дохучу сагӀанашца цхьаьна, яго еза иза Везачу Элана сагӀина лерина. Иштта динан дас оцу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду’“».


ШолгӀа кхокха дагоран сагӀа доккхуш багор бу динан дас, тӀедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха цунна Дала гечдийр ду.


Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархӀ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогӀу хӀума а ма тоха, хӀунда аьлча иза къинан сагӀа ду.


Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тӀехь дагор ду кхачанан сагӀа санна.


Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гӀуда такхаран сагӀина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала а гечдийр ду цунна.


Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios