21 Иштта Делан четарна а, Далла Ӏамал ечу хенахь мел лелочу пхьегӀашна а тӀе цӀийн цинцаш туьйхира цо.
Мусас дийнатех даьлла ах цӀий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагӀа даккха меттиг тӀадийра.
СтаргӀин цӀий хьайн пӀелгаца сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш тӀе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта.
Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀийх цхьадерг АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а аьтту лерган дуьмана тӀе а, аьтту куьйган а, коган а нана-пӀелга тӀе а хьакха. Юха сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цӀийн цинцаш тоха.
ХӀора дийнахь цхьацца старгӀа, е а йийна, къинна дуьхьал сагӀа санна яккха, къа дӀадаккхархьама а, сагӀа доккху кхерч цӀанбархьама а. Кхерча тӀе даьтта дотта, иза беза хилийта.
ТӀаккха, къобалваран даьтта схьа а эций, четарна а, цу чохь долчу массо а хӀуманна а тӀедотта. Уьш еза хир ю цул тӀаьхьа.
СтаргӀина урс а хьаькхна, шен пӀелгаца схьаэцна цӀий кхерчан маӀех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цӀанбира цо. Юха, дисина цӀий кхерчан буха тӀе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цӀена хилийта.
Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий массо а агӀор сагӀа доккхучу кхерчана тӀе туьйхира Мусас.
Сту а, ка а бийра цо, халкъана долчу бертан сагӀина лерина. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀетуьйхира.