20 Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цӀий ду хӀара».
Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», – элира цо.
Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цӀийца чӀагӀбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дӀабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу.
иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу!
Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тӀедожораш дӀаэцархьама а,
Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,
Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаӀе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша».