Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 9:14 - Делан Йозанаш

14 цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 9:14
76 Referencias Cruzadas  

Ткъа хӀинца пайда боцучу наха шен меттахь вижина Ӏуьллуш волу цхьа а бехк боцу стаг вийча, аса шуна бекхам бан ца беза, шу дайа а дайина?»


Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга.


Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду, хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу?


эдомхочо ДуагӀа, Дауд Ахьи-Маликан цӀийне веана аьлла, Шауле мотт тоьхначул тӀаьхьа аьлла йолу.


Ӏахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Ӏахар я буьхьиг а мегар ю.


«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.


Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дӀавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а.


ХӀунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цӀе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Ӏаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтӀахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтӀахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду.


Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха,


Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгӀазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгӀазалла къаьмнашка ла а ца ло.


Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тӀехь сакхт доцу старгӀа схьаэца, Делан цӀийнан керт цӀанъярхьама.


Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьӀӀехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду.


ТӀехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац.


«ХӀора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши старгӀа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар.


Цаьрга иштта дӀаала: „ЦӀера тӀехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа хӀара ду: хӀора денна бан беза дийнаташ дагоран сагӀина лерина шо кхаьчна болу шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Ӏахар.


«Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Ӏахар, шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама а, цуьнца цхьаьна чагӀаран сагӀина лерина чагӀар а.


Амма Аса Делан Синца уьш дӀалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар.


ШамӀа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КӀант ву».


Адамийн КӀант а ма ца веана Шена хьалхара гӀуллакх дайта. Иза нахана гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».


Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна!


вай мостагӀех кӀелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гӀуллакх дайтархьама,


ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду!


Нагахь тахана тӀедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кӀезиг тешаш дерш?!


«Везачу Элан Са дагца ду сан, хӀунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргӀат а бохур бу, бӀаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Ӏазапехь берш мукъабаха,


ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела.


Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тӀекхаччалц.


«ХӀара хӀун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цӀушна тӀера стигал а, латта а, хӀордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тӀедерзийтархьама.


Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хӀунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш.


ХӀунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хӀуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна.


Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КӀант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КӀант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса ву.


Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча!


Акхачу зайт-диттах дӀахедийна долу гаьннаш, Ӏаламна дуьхьал иза делахь а, дикачу зайт-диттана тӀе доьгӀна хилча, тӀаккха дикачу зайт-диттах дӀахедийнарш кхин а дика дугӀур ма ду шайн долчу дитта тӀе.


КхидӀа а шайн догӀмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гӀирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дӀало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догӀмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гӀуллакхаша лело гӀирсаш санна, Цуьнан караяхийта.


Ткъа хӀинца, къинан олаллех паргӀат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун.


Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тӀаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду.


Шена тӀехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.


ХӀун цхьаьнадогӀург ду те Делан цӀенна а, цӀушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цӀа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».


Товрат-хьехамаша со хӀаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа ва̄хархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жӀарах дӀатоьхча санна, велла.


къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу.


Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.


Нагахь санна оцу дийнатех цхьанна тӀехь цхьа айп делахь, астагӀа я бӀаьрзе иза хилахь, я муьлхха а кхин тайпа айп долуш хилахь, шайн Везачу Далла сагӀина лерина дӀа ма ло иза.


«Шайн Везачу Далла сагӀина сакхт долу, я кхин заралла долу сту я уьстагӀ ма балаш, хӀунда аьлча иза Цунна дегаза хета. Иза Везачу Далла хьалха дегаза ду.


ХӀунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХӀинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дӀакхелхича, кхин а чӀогӀа иштта хир дац ткъа шу?


Хьан кӀелхьардолийла – даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кӀел ду. МостагӀий шун юьхь-дуьхьалара дӀа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХӀаллакбе!“


Дуй те цхьа а адам вайна санна цӀерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу?


ХӀунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тӀе муха даьхкира а, иштта шу, цӀуйх дӀа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гӀуллакх дархьама.


Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин.


Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а.


Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.


КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.


Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна.


Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна,


Кхечу тайпана хилча, цара и сагӀанаш дохур дацара, хӀунда аьлча цкъа къинах цӀан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна.


ЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина.


Тешар хиларна, ша леш, Якъуба декъалбира Юсупан кӀентий, шен Ӏасанна тӀе а вазлуш, Далла Ӏамал йора цо.


Иштта Ӏийсас а, Шен цӀийца нах базбархьама, гӀалин кевнал арахьа бала лайра.


Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.


Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дӀахӀотто: къинах дӀакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тӀе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тӀе сихлойла вай.


Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву.


Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.


Гезарийн а, эсийн а цӀий доцуш, Шен цӀий а Ӏанийна, цкъа Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргӀатдовлар даьккхина Цо.


Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тӀаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагӀанца адамийн къа дӀадаккха.


ШолгӀачу цӀа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цӀий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тӀера даьккхина долу.


И четар хӀинцалерчу заманан билгало ю: совгӀаташа а, сагӀанаша а Далла Ӏибадат дечун дог цӀандан ца тарло,


амма цӀеначу а, бехк боцучу а Ӏахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цӀий делла ю.


«Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».


Шен дегӀаца вайн къинош жӀара тӀе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цӀена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.


ХӀунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тӀе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегӀ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера.


дуьнен чохь яккха йисина хан, дегӀан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву.


Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КӀант волчу Ӏийсан цӀийно вай массо а къинойх цӀандо.


Шуна ма хаьа, Иза къинош дӀаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац.


билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,


ТӀаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХӀун кхаъ хир бу, и пӀелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тӀера юьхьӀаьржо дӀаяьккхинчунна? Мила ву хӀара дин доцу, сунтваза волу пӀелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios