Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 9:13 - Делан Йозанаш

13 Нагахь эсийн а, гезарийн а цӀийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тӀетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цӀанбеш хилча,

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 9:13
12 Referencias Cruzadas  

Ткъа Хьузакх-ЯхӀус царна тӀера доӀа дира. Цо элира: «Шена хьалха цӀанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тӀедерзийна волчу хӀоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!»


Дала, хӀаллаквина, дӀавоккхур ву хьо, цӀа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тӀера хьан орам а дӀабоккхур бу.


Ас шуна тӀе цӀена хин цинцаш деттар ду, тӀаккха шайн мел йолчу боьхаллех цӀан а лур ду шу. Шун массо а цӀуйх Аса цӀандийр ду шу.


Динан да Далла хьалха цӀанвинчул тӀаьхьа, цо кхин а ворхӀ дийнахь собар дан деза.


Ткъа уьш цӀанбеш хӀара де: къинойх цӀанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тӀе. Шайн догӀмаш тӀера берриге а чо дӀабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тӀера бедарш а йиттийта цаьрга, тӀаккха уьш Суна хьалха цӀанлур бу.


Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хӀунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш.


Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?


ХӀунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цӀийно къинош дӀадохур дац.


Товрат-хьехам тӀера парзаш дерриг а халкъана хьалха дӀа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цӀий а, цӀен тӀаргӀа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тӀе цинцаш туьйхира Мусас.


Бакъдолчунна муьтӀахь хиларна, шайн синош а цӀандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хӀинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios