12 Гезарийн а, эсийн а цӀий доцуш, Шен цӀий а Ӏанийна, цкъа Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргӀатдовлар даьккхина Цо.
Кхузткъе уьттазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гӀалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тӀе мухӀар тоха а, къинош дӀадаха а, даим нийсо латтийта а, хӀуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чӀагӀдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а.
Къинан сагӀина халкъана тӀера бож юьйр ю цо, тӀаккха цуьнан цӀий а, старгӀин цӀий санна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза бартбаран тӀорказна хьалха а тухур ду цо.
‘Нагахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгӀа ялае Везачу Элана сагӀина лерина.
«АхӀарон а, цуьнан кӀентий а схьабалабе, царна тӀеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагӀа даккха старгӀа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да,
Цул тӀаьхьа АхӀарона халкъан сагӀа даьккхира. Халкъана тӀера долчу къинан сагӀина лерина йолу бож схьа а эцна, ен а йийна, и къинан сагӀа Везачу Элана даьккхира цо, хьалха шена тӀера сагӀа даккхаре терра.
Хьажал, Ас ЮшаӀана хьалха охьабиллина хӀара беза тӀулг, шена тӀехь ворхӀ агӀо йолу! Ас-Айса, тӀулг хадош, цу тӀехь йоза яздийр ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ткъа цхьана дийнан муьрехь дӀадоккхур ду Ас хӀокху лаьттан къа.
амма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“».
«Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргӀатдаьккхина.
Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе.
Ӏийсас, Шен цӀий Ӏанорца мах а белла, вай паргӀат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.
Цуьнгахула вай паргӀатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала.
Цара дуьйцу, Делан КӀант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгӀуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тӀейогӀу йолчу Делан оьгӀазлонах вай кӀелхьардоху волу а Ӏийса ма ву и КӀант.
Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.
КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.
Иштта, вежарий, Ӏийсан цӀий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цӀийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн.
ХӀунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цӀийно къинош дӀадохур дац.
Иштта Ӏийсас а, Шен цӀийца нах базбархьама, гӀалин кевнал арахьа бала лайра.
Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.
Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.
Нагахь эсийн а, гезарийн а цӀийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тӀетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цӀанбеш хилча,
цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.
Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дӀадаха Цо тӀеэцна Ӏожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама.
Товрат-хьехам тӀера парзаш дерриг а халкъана хьалха дӀа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цӀий а, цӀен тӀаргӀа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тӀе цинцаш туьйхира Мусас.
иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву.
ШолгӀачу цӀа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цӀий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тӀера даьккхина долу.
билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,
Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.