Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 9:11 - Делан Йозанаш

11 Дала леррина Къобалвинарг веара, хӀинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац).

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 9:11
30 Referencias Cruzadas  

Паччахьан дарж ЯхӀудах дер дац, цуьнан тӀаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гӀаж, иза Шилун-гӀала дӀакхаччалц а, халкъаш цунна муьтӀахь хиллалц а.


Со ган веаначун хабар гуттара а даьсса хуьлу. Шен даг чохь цо вониг латтадо. Ара а волий, сох лаьцна цо эладита даржадо.


«Цийонна а, зулам лелорна тӀера дӀайирзинчу Якъубан тӀаьхьенах болчарна а ПаргӀатбохург вогӀур ву, – боху Везачу Эло. –


Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цӀандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду.


«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТӀаккха аша лоьхуш волу Олахо цӀеххьана Шен дезачу цӀа чу вогӀур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогӀур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


Цунна тӀе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Ӏан деза?»


„Хьо а, ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу сийлахьчу гӀаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дӀахӀуттун верг!“»


«Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хӀара Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дӀахӀоттор ду“, – аьлла».


Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.


Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогӀур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна».


Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цӀа чохь Ӏаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла:


Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХӀунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.


Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хӀара догӀмаш хӀаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цӀа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цӀа ду.


Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна.


Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ӀиндагӀ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хӀора шарахь гуттар а дохучу сагӀанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогӀу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу.


«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.


Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду.


Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.


Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.


ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а.


Малки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас.


Иштта вайна хаьа, Делан КӀанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Ӏаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!


ХӀунда аьлча адамаш Ӏехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Ӏийса, адам санна, дуьнен чу валар тӀе ца дуьту. Иштта волу хӀора стаг адамаш Ӏехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios