10 уьш даарш а, маларш а кхехьарца а, дегӀан меженаш тайп-тайпана йиларца а доьзна бен цахиларна. И дерриг а парзаш, Дала массо а хӀума нисдаран зама тӀеяллалц, тӀедиллина дара.
Нагахь бедар я кӀади, я муьлхха а тӀаьрсиган хӀума йиттича, цунна тӀера доӀан томмагӀа лаьттина меттиг цӀанлахь, и хӀума кхин цкъа а йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ю».
цо я чагӀар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагӀарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо.
Ткъа хӀинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Ӏадаташна а тӀе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна?
ХӀинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла.