Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 9:1 - Делан Йозанаш

1 Хьалха бинчу бертан Далла Ӏамалъяран бакъонаш а, лаьтта тӀехь долу Делан цӀа а дара.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 9:1
14 Referencias Cruzadas  

Нахе Суна цӀа дайта, тӀаккха Со царна юкъахь Ӏийр ву.


Царна шаьш лелийнарг бахьана долуш эхь хетахь, дӀагайта царна Делан цӀа, хӀара муха дина ду а, кхуьнан чуволу а, араволу а меттигаш а дӀагайта царна. ХӀара муха дина ду а, кхуьнан массо а парзаш а, кхуьнан куц а, кхунна лелаш болу товрат-хьехамаш а дӀабийца царна. Церан дуьхьа дерриг а дӀаязде, цаьрга цуьнан массо а куц лардайтархьама а, цуьнан массо а парзаш кхочушдайтархьама а.


Аса тӀедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гӀиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“».


Сан хьехамаш ларбойла цара, шаьш бехке ца хилийтархьама а, тӀедиллинарг талхор бахьана долуш ца далархьама а. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со.


Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, цуьнан даьӀахкаш а кег ма е. Пасахьах лаьцна массо а тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, кхочушдан деза исраилхоша и гӀуллакх.


И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара.


исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш.


Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Ӏадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тӀехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац.


Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дӀадолу.


Адамо дина а доцуш, Везачу Эло динчу Делан бакъдолчу четар чохь динан коьрта Да ву Иза.


Нагахь санна хьалха бина барт кхачамбацар доцуш хиллехьара, шолгӀаниг оьшур а бацара.


ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios