Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 8:9 - Делан Йозанаш

9 Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза. ХӀунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира, цундела со дӀавирзина царна тӀера, – боху Везачу Эло.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 8:9
44 Referencias Cruzadas  

Амма ЛутӀа шина даггахь вара, хӀоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутӀех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоӀ а, куьйгаш а лаьцна, гӀалех араяьккхира.


Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дӀа ца тосу, вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гӀо а ца до.


Везачу Эло дукхазза а кӀелхьарбохура уьш, амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара, уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кӀорга чубахара.


Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира, Ӏовраш санна, шортта хи охьадеара. Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга? Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?»


Аса тӀедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгӀин сурт а дина, цунна, сагӀанаш а даьхна, Ӏибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара, Исраилан халкъ!“»


Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу.


Мила ю иза, яьссачу арара, шен везачунна тӀе а теӀаш, схьайогӀуш ерг? Ӏожан дитта кӀелахь самаваьккхина ас хьо. Цигахь хьан нанас вина хьо, цигахь хьо винчо дуьнен чу ваьккхина хьо.


Цо Ӏалашдийр ду Шен жа, Ӏуьно санна. Ӏахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Ӏалашдийр ду Цо.


ХӀунда аьлча Со Веза Эла ву, хьан Дела. Хьан аьтту куьг схьа а лаьцна, Ас боху хьоьга: „Ма кхера, Ас хьуна гӀо дийр ду“.


Ахь мел бинчу кӀенташна юкъахь цхьа а вацара хьо дӀайига. Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь цхьа а дацара хьан куьг схьалаца.


Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кӀелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргӀатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.


Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. –


Р еза воцуш, Веза Эла цаьргахьара дӀавирзинера. Цо уьш массанхьа а дӀасакхиссинера. Наха шайн динан дайн кхин ларам ца бира, шайн къаношка церан къинхетам ца хилира.


Хьалдолчу Эло иштта элира: «Со хьуна доггӀучу тайпана хир ву хьоьца, хӀунда аьлча Аса йинчу чӀагӀонах хьо ца ешира, ткъа ахьа Сан барт а бохийра.


Юха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо – хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тӀеозийра хьуна тӀехула, хьан ерзина хилар дӀа а хьулдеш. Ас чӀагӀо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТӀаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло.


Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш аша дахахь а, Аса тӀеоьцур дац уьш. Со дӀахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагӀане.


Аша-м кхин а хӀара а до: Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе бӀаьрхиш Ӏенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хӀунда аьлча, Веза Эла кхин дӀа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагӀанаш резахиларца тӀе ца оьцу.


Ӏийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТӀаккха цуьнан бӀаьргаш тӀе туй а хьаькхна, стагана тӀе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХӀумма а гой хьуна?» – аьлла.


Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бӀаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо». Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДӀа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дӀавигийта цхьаъ лоьхуш.


Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦӀечу хӀорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а.


Шаул лаьттара хьалагӀаьттира, амма цо бӀаьргаш схьабиллича, цунна хӀумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе.


Иза шен кхин маьӀна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тӀехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХӀажар санна хуьлу.


Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.


Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тӀедожораш дӀаэцархьама а,


Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дӀа а тесна,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios