Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 8:4 - Делан Йозанаш

4 ХӀинца Иза лаьтта тӀехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хӀунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагӀанаш дохуш болу динан дай.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 8:4
11 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхӀаронан хӀух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама.


Иштта, еза хӀуманаш лар а е, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгӀаз ца вахийтархьама.


Муьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш.


Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а.


Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.


Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.


Динан муьлхха а коьрта да тайп-тайпана сагӀанаш даха дезаш ву, цундела вайн динан коьртачу Ден а хила деза сагӀина схьадан хӀума.


И четар хӀинцалерчу заманан билгало ю: совгӀаташа а, сагӀанаша а Далла Ӏибадат дечун дог цӀандан ца тарло,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios