Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 8:2 - Делан Йозанаш

2 Адамо дина а доцуш, Везачу Эло динчу Делан бакъдолчу четар чохь динан коьрта Да ву Иза.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 8:2
15 Referencias Cruzadas  

Ас хьайна ма-гайттара де и цӀа а, цу чуьра хӀуманаш а».


«Хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гӀуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхӀарон а, цуьнан кӀентий: Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а хила беза.


Оба АхӀаронна тӀехь хир ю иза волчуьра зов хазийта, Делан четаран езачу чоьнна чохь Везачу Элана хьалха хӀуттуш а, цу чуьра араволуш а иза ца кхалхийта.


Шайн меттаматтана юьстахо четар хӀоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хӀора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура.


«ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.


Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваӀда кхочушдархьама а,


Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хӀара догӀмаш хӀаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цӀа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цӀа ду.


Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна.


Муьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш.


Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цӀенна тӀехь хӀоттийна ву вайн.


Дела суртдиллархо а, гӀишлоярхо а волуш, ондачу бух тӀехь гӀала схьаяре хьоьжуш Ӏара ИбрахӀим.


Хьалха бинчу бертан Далла Ӏамалъяран бакъонаш а, лаьтта тӀехь долу Делан цӀа а дара.


Стигаларчу Ӏаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀинца Дела Ӏаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Ӏийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Ӏийр ву.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios