12 Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
сайн озаца Хьуна хастамаш бархьама а, Хьан дерриге а инзаречу гӀуллакхех лаьцна дийцархьама а.
Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду! Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь Хьан мостагӀий а Хьуна хьалха текха.
Со-со ву шун къинош дӀадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса.
Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина. Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».
ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Ӏамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цӀандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду.
Цу заманахь, и хан тӀекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхӀудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хӀунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса».
Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтӀера волуш а? Хьо даим вац оьгӀазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дӀашарйийр ю, Ахь кӀорггачу хӀорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош.
Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича».
Ӏийсас, Шен цӀий Ӏанорца мах а белла, вай паргӀат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.
Цуьнгахула вай паргӀатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала.
билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,