Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 8:11 - Делан Йозанаш

11 ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а хьоьхур дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш. ХӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 8:11
18 Referencias Cruzadas  

Ткъа хьуна, сан кӀант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гӀуллакх де, хӀунда аьлча Везачу Элана хаьа хӀораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дӀаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дӀатосур ву хьо.


Кхетам а болуш, Везачу Элана дика гӀуллакх деш бохкучу левихошна тамехь дерг олура Хьузакх-ЯхӀус. Шайн дайн Дела волу Веза Эла хеста а веш, Цунна лерина бертан сагӀа а доккхуш, дезачу деношна билгалъяьккхина йолу хӀума йиира цара ворхӀ дийнахь.


Ткъа ахь, Ӏезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дӀахӀиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тӀехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Ӏамабе уьш.


Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а, Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.


Везачу Эло Ӏамор бу хьан берриг а кӀентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду.


Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дӀадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хӀунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“.


ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Ӏамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».


Уьш КӀамхӀамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀант Язан-ЯхӀу а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дахара.


Цо Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а ша волчу дӀакхайкхира.


Мисар-махка кхалха а, цигахь Ӏан а сацам бина ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш Аса дӀабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дӀакхелхар бу! КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хӀаллакьхир бу. Наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах Ӏадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу.


КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла.


ТӀаккха царна дӀахуур ду, церан Веза Дела волу Со шайца вуйла, Исраилан халкъ долу уьш Сан къам дуйла». Иштта боху Хьалдолчу Эло.


Амма Везачу Элан сийлалла йовзарх латта дузур ду, хиша хӀорд ма-буззара.


Пайхамарийн цхьана тептар тӀехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Ӏамор бу“, – аьлла. ХӀора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогӀу Суна тӀе.


Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву».


Амма шу Делан КӀанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу – цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац – иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара.


Иштта вайна хаьа, Делан КӀанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Ӏаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios