1 Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хӀара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гӀантана аьтту агӀор Ӏаш динан коьрта Да ву вайн.
Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хӀуманан Коьртаниг.
Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу, Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.
Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
Везачу Элана бу хастам! А са вазвийр ву Веза Эла сайн доллучу даггара, баккъал догцӀена болчеран гуламна юкъахь.
Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кӀелхьарбохура.
Синкъерамца шайн аз ойур ду бисначара, малхбузера Везачу Элан возаллех мохь тухур бу цара.
ТӀаккха Цо, хьала а гӀаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цӀеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хӀунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дӀакхаччалц сийлахь хир ву.
Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира.
Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Ӏийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дӀакхайкхабайта алий.
Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агӀор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла.
Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агӀор, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц»?
КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.
Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна,
тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.
Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.
Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.
Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай.
Толам а баьккхина, Сайн Ден Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе охьахаа.