Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 7:8 - Делан Йозанаш

8 УьтталгӀа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦӀадакъах – иза дийна ву аьлла.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 7:8
12 Referencias Cruzadas  

Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду.


Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен.


Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш?


Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».


Оцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.


Динан дай дуккха а хилла, хӀунда аьлча Ӏожалло кхидӀа шайн гӀуллакх ца дойтура цаьрга.


Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан.


Ала мегар ду, уьтталгӀа дакъа схьаоьцуш волчу Левис ша а ИбрахӀимехула и уьтталгӀа дакъа делла.


ХӀора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хӀоттар тӀехь ма-хиллара,


Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios