Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 7:6 - Делан Йозанаш

6 Малки-ЦӀадакъас, ша Левин тӀаьхьенах вацахь а, ИбрахӀимера уьтталгӀа дакъа схьа а эцна, Дала чӀагӀо йина волу иза декъалвира.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 7:6
16 Referencias Cruzadas  

Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тӀаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кӀелхьардоккхур ду».


Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цӀе а ойур ю, наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.


Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тӀаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахӀиме: „Хьан тӀаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“.


ИбрахӀиман а, цуьнан тӀаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахӀима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара.


исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш.


Ткъа Дала, чӀагӀо еш, элира Ша ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тӀаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тӀаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.


Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хӀуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тӀедаьхкина нах а ду лаьтта тӀехь.


Тешар хиларна, ИбрахӀима, ша зийча, сагӀа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тӀеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кӀант сагӀина дӀавала резахилла иза.


Малки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас.


Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios