5 Левин тӀаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгӀа дакъа схьаэца, ИбрахӀимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь.
Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох.
Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тӀаьхьенах верг, кӀентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара.
Амма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“.
Суна иштта хиира, левихошна дӀадала дезаш долу дакъош дӀалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Ӏамал ечу хенахь гӀуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера.
Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара.
«Хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гӀуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхӀарон а, цуьнан кӀентий: Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а хила беза.
АхӀарон! Хьан а, хьан кӀентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагӀа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тӀехьа долчуьнца а доьзна долу гӀуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гӀуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тӀегӀортахь, иза вуьйр ву».
Шун лаьтто схьаделлачух массо а хӀуманах уьтталгӀа дакъа дӀакъастийча, кхозлагӀчу шарахь, уьтталгӀа дакъа дӀадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀало, цаьрга шайн гӀаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а.
Цхьа а шен лаамца хӀуттур вац динан коьрта да. Дала тӀекхайкхина хила веза иза, АхӀарон санна.
ХӀунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахӀиман цӀийца вара, Малки-ЦӀадакъа цунна дуьхьалвеача.