Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 7:27 - Делан Йозанаш

27 Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 7:27
23 Referencias Cruzadas  

Ткъа ахьа, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гӀуллакх а деш, Суна тӀегӀерташ болчу, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу, иштта левихойн тайпанах болчу динан дайшна къиношна тӀера сагӀа даккха цхьа сту дӀало.


АхӀарона шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа ялор ю, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадахархьама. Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀина урс хьокхур ду цо.


Къинан сагӀина халкъана тӀера бож юьйр ю цо, тӀаккха цуьнан цӀий а, старгӀин цӀий санна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза бартбаран тӀорказна хьалха а тухур ду цо.


Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа а йийна, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадохур ду цо.


Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дӀакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду.


Иза бахьана долуш, шу а дӀахӀиттош ду, Дела Шен Синехула Ӏаш волу меттиг хилийтархьама.


Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.


Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.


Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.


Цундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх.


ХӀинца Иза лаьтта тӀехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хӀунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагӀанаш дохуш болу динан дай.


Гезарийн а, эсийн а цӀий доцуш, Шен цӀий а Ӏанийна, цкъа Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргӀатдовлар даьккхина Цо.


цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.


Дукхазза а Ша сагӀина дӀавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хӀора шарахь а шен доцу цӀий а оьций, Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна.


Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тӀаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагӀанца адамийн къа дӀадаккха.


иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву.


ШолгӀачу цӀа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цӀий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тӀера даьккхина долу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios