26 Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цӀена а, къинош летийначарах дӀакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а.
Хьайн лай волчуьнгахьара Хьайн юьхь Ахь дӀа ма ерзаехьа. Сихха дӀахазахьа со, хӀунда аьлча со гӀайгӀанехь ма ву.
ЦӀеначу деших экъа е. Цу тӀехь, мухӀар тӀехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“.
Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дӀавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а.
Делан цӀийнан чоьхьарчу кертахь гӀуллакх дан ша кхин а цига ваханчу дийнахь шена тӀера цо къинан сагӀа даккха деза’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.
ПхоьалгӀачу дийнахь яло еза исс старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.
Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла.
Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира.
Малико жоп делла: «Хьуна тӀе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дӀахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КӀант а эр ду.
Пулата кхозлагӀа а хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза!»
Вайшинна дина таӀзар нийса, догӀуш дина ду, ткъа кху стеган цхьа а бехк бац».
Дерриг иза гиначу тӀеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!»
Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?»
Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла.
Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац.
И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела».
Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тӀе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кӀелхьарваккха аьлла, дийхира аша.
Билггала, хӀокху гӀалахь ХӀарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Ӏийсана кхел ян.
Шена тӀехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.
КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.
тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.
ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.
Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.
Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.
Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш?
Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хӀара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гӀантана аьтту агӀор Ӏаш динан коьрта Да ву вайн.
цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.
амма цӀеначу а, бехк боцучу а Ӏахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цӀий делла ю.
«Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».
Ӏийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агӀор Ӏаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.
Иза вайн къинош дӀадахаран сагӀа ду. Ткъа и сагӀа, вайн къиношна тӀера тоьъна а ца Ӏаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тӀера тоьар ду.
Шуна ма хаьа, Иза къинош дӀаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац.
«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.