Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 7:25 - Делан Йозанаш

25 Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 7:25
44 Referencias Cruzadas  

Цара Деле баьхна: „ДӀавала тхуна уллора! ХӀун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“


Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а, Цуьнан хӀусам йолчу со дӀавогӀуш велахьара а,


Суна тӀедерза, тӀаккха кӀелхьардевр ду шу, дуьненан массо а маьӀӀера адамаш! Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац.


Сох лаьцна дуьйцур ду: „Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, – бохуш. Цунна тӀе а баьхкина, юьхьӀаьржачу хӀиттина хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш.


Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Ӏожаллина дӀадаларна а, зуламхойх Иза дӀатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дӀа а даьхьира, зуламхошна тӀера доӀанаш а дора.


Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гӀо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кӀелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гӀо дора Цунна.


И Эдомера вогӀург мила ву? Мила ву иза, цӀен оба а юьйхина, Бацарера вогӀург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кӀелхьардаха нуьцкъала а волуш».


Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дӀадирзинарш! Сайх дӀакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна. Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дӀадогӀу, Хьо тхан Веза Дела волу дела.


Нагахь санна хӀинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дӀахӀоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Ӏибадат ца дахь, цу сохьта цӀиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТӀаккха муьлхачу дала кӀелхьардохур ду шу сан куьйгах?»


Нагахь санна тхо цӀийина йогучу пеша кхийсахь а, оха Ӏибадат деш волу Дела ницкъ болуш ву тхо цунах кӀелхьардаха. Хьан куьйгах а, ва паччахь, кӀелхьардохур ду Цо тхо.


Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Ӏабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цӀа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кӀелхьарваккхалур воцу дела».


Орана тӀе а веана, иза латкъамечу озаца Даниале кхайкхира: «Даниал! Дийна волчу Делан лай! Ахьа Шена гуттара а Ӏибадат деш волчу хьан Деле кӀелхьарваккхавеллий хьо?»


Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дӀайоккхийла Ахь Хьайн оьгӀазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гӀалина тӀера. Иза Хьан гӀала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гӀалин а, Хьан халкъан а сий дайина.


ТӀаккха аша Сан цӀарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КӀантехула гучуяккхархьама.


Ткъа Аса Дега доьхур ду, тӀаккха Цо кхин „гӀо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта.


Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен.


Вай Шен мостагӀий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КӀентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хӀинца муххале а Цуьнан КӀантехула кӀелхьардевр ду, КӀант дийна волу дела.


Вай Цунах тешар бахьана долуш, Ӏийсас Делан доккхачу диканна тӀекхочийла хилийтина вайна. ХӀинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай.


Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Ӏийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агӀор а хиъна, вайна тӀера Деле доьхуш ву Иза.


Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Ӏийсах тешнарш кӀелхьарбахар.


хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела.


Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн.


Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна,


Вайн сий доцу догӀмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегӀах а тардина. И дийр ду Цо массо а хӀума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.


Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Ӏийса ву.


Цундела хӀара массо а баланаш дӀакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тӀедогӀур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву.


Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а.


Ӏийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагӀа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цӀе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.


Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.


Амма тхуна гург Ӏийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хӀинца, Ӏожалла тӀеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама.


Лаьтта тӀехь долчу Шен дахарехь Ӏийсас чӀогӀачу белхарца а, бӀаьрхишца а доӀанаш а, дехарш а дора Ша Ӏожаллех кӀелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дӀахезира Цуьнан доӀанаш, хӀунда аьлча Ӏийсан Деле болу ларам боккха бара.


Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву.


(Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.


Ткъа Ӏийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гӀуллакх дар а хедар доцуш ду.


УьтталгӀа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦӀадакъах – иза дийна ву аьлла.


ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.


Шу охьаэгарх лардан а, цӀена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хӀотто а ницкъ бу Делан.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios