Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 7:24 - Делан Йозанаш

24 Ткъа Ӏийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гӀуллакх дар а хедар доцуш ду.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 7:24
9 Referencias Cruzadas  

Наха Ӏийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тӀехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КӀант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КӀант?“»


Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хӀунда аьлча Ӏожалло Цунна тӀехь кхин олалла дойла дац.


Вайн сийлахьчу дайн тӀаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хӀуманна тӀехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!


Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву.


Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хӀиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тӀаьхьа еанчу дуйнан чӀагӀоно динан коьрта да хӀоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КӀант.


Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.


Аса Сайна тешаме динан да дӀахӀоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гӀуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гӀуллакх а дийр ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios