Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 7:22 - Делан Йозанаш

22 Цунах гуш ду Ӏийса тоьллачу бертан закъалт хилар.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 7:22
17 Referencias Cruzadas  

Ас жоп лур ду Бен-Яманах, соьгара хоттур ахь цунах дерг. Нагахь санна ас, схьа а валийна, кӀант хьоьга дӀа ца лахь, хьуна хьалха со хир ву бехке велла дӀаваллалц.


Ас дош деллера цунна, кӀант ларвийр ву аьлла. „Нагахь ас хьуна иза схьа ца валавахь, велла дӀаваллалц хьуна хьалха бехке хир ву со, дада“, – аьлла ас.


Хийрачу стагах дош далар нислахь, цуьнгара бедар яккха. Закъалтана йита иза, ца вевзачу стагах цо жоп луш хилча.


Сан кӀант! Нагахь санна ахьа кхечу стагах жоп деллехь, нагахь санна куьг Ӏовдарца ахь цунах дош деллехь,


ГӀаргӀулин а, чӀегӀардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бӀаьргаш гӀийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“


Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхӀ хан-заманна барт чӀагӀбийр бу. Цу ворхӀ заманан эханехь дийнаташ дагош сагӀа даккхар а, кхийолчу хӀуманийн сагӀа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цӀийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тӀекхаччалц».


иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу!


Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу.


Шаьш пхьор диина девлча, Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Ӏанор долчу Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара.


Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш».


керлачу бертан Юкъарлонча волчу Ӏийсана, Хьабулан цӀийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тӀехьорсучу цӀийн цинцашна.


Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,


Динан дай дуккха а хилла, хӀунда аьлча Ӏожалло кхидӀа шайн гӀуллакх ца дойтура цаьрга.


Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дӀадолу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios