21 Ӏийса чӀагӀо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чӀагӀо йина, ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза: „Гуттаренна а динан да ву Хьо“».
З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чӀагӀонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо?
Дала Шена тӀебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгӀатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу.
Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
ХӀунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
Дала чӀагӀо ярца хилла ду и гӀуллакх. Вуьш, цхьа а чӀагӀо ца еш, динан дай хиллехь а,
Динан дай дуккха а хилла, хӀунда аьлча Ӏожалло кхидӀа шайн гӀуллакх ца дойтура цаьрга.
Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хӀиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тӀаьхьа еанчу дуйнан чӀагӀоно динан коьрта да хӀоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КӀант.
Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хӀунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца».