15 Иза кхин а чӀогӀа билгалдолу, Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча.
З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.
Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.
Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш?
Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхӀудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хӀумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна.
Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву.
Делан Йозанаша хӀумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КӀант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза.