Суна иза го, амма иза хӀинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах. Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю, ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.
Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Дела а, Да а. Цо Ӏийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца.
Цул сов, кхидолу массо а хӀума эрна хета суна, хӀунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хӀуманах ваьлла. Кхидолу массо а хӀума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а,