13 Вай Вуьйцург кхечу тайпанна юкъавогӀуш ву, царах цхьа а сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гӀуллакх деш ца хилла.
Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхӀаронан хӀух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама.
Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Ӏасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».
Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш?
Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гӀуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу.
Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхӀудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хӀумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна.