Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 7:1 - Делан Йозанаш

1 Малки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 7:1
17 Referencias Cruzadas  

Нийсо билггал кхайкхайой те аша, куьйгалхой? ЦӀеначу дегнашца йой теша аша адамашна юкъахь кхел?


Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цуьнга орца а дохуш. Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цунна со дӀахазийтархьама.


Амма, со кхеравеш, суна гинчу гӀено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хӀуьттучу суьрташа а синтем байира сан.


Ва паччахь! Веза Воккхачу Дала хьан дена, Набухди-Нецарна, совгӀат а дина, паччахьалла а, возалла а, сийлалла а, цӀе яккхар а деллера.


Иза адамех дӀахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегӀ тӀададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дӀахӀиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц.


«Стенца дӀахӀотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Ӏамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагӀанца дӀахӀотта те со Цунна хьалха?


чӀогӀа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хӀун оьшу соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?»


ПахӀална а, тхуна а тӀаьхьа а йогӀуш, мохь беттара цу йоӀа: «ХӀара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КӀелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хӀорш!» – бохуш.


Оцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.


Ша тӀамехь мел даьккхинчух уьтталгӀа дакъа цунна дӀаделира ИбрахӀима. Малки-ЦӀадакъин цӀе ши маьӀна долуш ю: цкъа-делахь, «нийсонан паччахь», шолгӀа-делахь «Шалейман паччахь», ткъа иза «машаран паччахь» бохург ду.


Делан Йозанаша хӀумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КӀант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза.


Малки-ЦӀадакъас, ша Левин тӀаьхьенах вацахь а, ИбрахӀимера уьтталгӀа дакъа схьа а эцна, Дала чӀагӀо йина волу иза декъалвира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios