9 Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх – и некъ кӀелхьардовларна тӀебоьду.
ХӀунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цӀе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Ӏаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтӀахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтӀахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду.
Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кӀелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю.
Оцу дерригене а ладоьгӀча, церан дуьхьал ала хӀумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тӀеберза, Шеца дахар хилийта».
Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Ӏийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга.
Иштта, сан хьоменаш, цӀушна Ӏамалъярх ларлолаш!
Тхо шайна хьалха бехказадуьйлу-м ца моьтту те шуна хӀинца а? ХӀан-хӀа! Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, оха Далла хьалха боху шуьга. Ткъа и дерриге а, хьоменаш, шу синца чӀагӀдархьама деш ду.
Сан хьоме доттагӀий! Дала вайна и ерриге а чӀагӀонаш йина дела, вешан догӀмаш а, синош а бехдеш мел долчух цӀанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дӀало вай.
Делан дуьхьа хиллачу гӀайгӀано кӀелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тӀеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гӀайгӀано Ӏожалла тӀейоуьйту.
ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца тхо хӀинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьӀна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьӀна долу хӀума цхьаъ ду: безаман гӀуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.
Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дӀадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хӀунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дӀаер йоцу а хазна шайн юйла.
Юха а девлла, хӀаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кӀелхьардохучарах ду.
таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира.
Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.
ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а.
Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш.
ХӀара шолгӀа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тӀехь шун цӀена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца.
Сан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац – иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз – Дош ду, шуна хезна долу.
Хьоменаш! Вайн массеран а кӀелхьардовларх яздан кӀорга лаам боллушехь, шуьга, цкъа массо а ханна Дала Шен нахана делла долу дин чӀагӀдарехьа къийсам латтабе аьлла, яздан дезаш хийтира суна,