7 Кест-кеста шена тӀедогӀуш долу догӀа дӀа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду.
Цул тӀаьхьа Дала элира: «Лаьтта тӀехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хӀу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хӀора стоьма чохь хӀуш а долуш. Оцу хӀух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дӀахӀоьттира.
Якъуба, тӀе а веана, барт баьккхира дена. Ӏесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза: «Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна ю сан кӀантах йогӀу хьожа.
Д е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со. Хьайн билггал бакъдолчунна тӀе а верзавехьа со, Ӏама а вехьа со, хӀунда аьлча со кӀелхьарвоккху Дела Хьо ву.
Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.
Ас декъалдийр ду уьш а, Сайн гуна гонах йолу аре а. Ас шен-шен хенахь догӀа а доуьйтур ду – иза декъалдаран догӀа хир ду.
Шайн дегнаш чу нийсонан хӀу таса, тӀаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дӀааха, хӀунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тӀееана. Ша веанчу дийнахь шуна тӀе нийсо, догӀа санна, Цо тӀеӀанор ю.
Цунна аша са ма гатде. Аса йолхалгӀачу шарахь Сайн беркат доссор ду шуна тӀе, тӀаккха цу шарахь шуна кхаа шарахь даъал рицкъа хир ду.
Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дерриг а чӀоьнашна чу, Сан дезачу цӀа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тӀехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дӀайоьллур яц ткъа шуна стигалан неӀарш, тӀеӀанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту.
Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дӀакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа.
Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тӀаьхьара а догӀа даре.