Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 6:6 - Делан Йозанаш

6 тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а ба̄халур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 6:6
17 Referencias Cruzadas  

Ткъа со Делан цӀа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву, ерриг а тӀейогӀучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву.


Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дӀатеснарш хӀаллакбийр бу.


Цаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хӀумма а дац».


И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хӀиттадо.


Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.


Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагӀа кхин ма ца дуьсу вайн.


Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?


тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.


Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай.


Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш,


Нийсонан некъ бевзина цахилар гӀолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тӀедиллинарг дӀа а тесна, хьалхалерчунна тӀе юхабоьрзучул.


Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тӀаккха цо доӀа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тӀера деха ца боху аса.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios