Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 6:5 - Делан Йозанаш

5 Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш,

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 6:5
13 Referencias Cruzadas  

ЦӀеххьана хӀаллакьхилар нислойла хӀинца царна шайна. Къайлаха когаш кӀел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш. Шаьш, цу ор чу а эгна, хӀаллакьхуьлийла уьш.


Адамийн КӀантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хӀума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бӀешарахь а, я тӀедогӀун долчу бӀешерашкахь а.


хӀунда аьлча ХӀарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора. Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугӀура ХӀарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь.


Ткъа тӀулгаш тӀе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тӀеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу.


КӀелхьардовларан гӀем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду.


Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх.


Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне.


Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агӀор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьӀахкех тӀум а дӀа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.


ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха». Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!


хӀунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна».


Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хӀуманех къаьстинехь, ткъа цул тӀаьхьа уьш, юха а вочу хӀуманна тӀе а тевжина, цунна кӀел биснехь, шолгӀа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios