Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 6:4 - Делан Йозанаш

4 Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш,

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 6:4
38 Referencias Cruzadas  

Бехйина бедар йиттинчул тӀаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тӀехь долу доӀан томмагӀа я хийцаделла а, я дӀасадаьржина а цахилар гахь, иза цӀена яц. Иза яго еза – доӀан томмагӀа бедаран тӀехуларчу я бухаларчу агӀонна тӀехь делахь а.


Нагахь, тӀулгаш а, хьахарш а хийцинчул тӀаьхьа, томмагӀаш, юха гучу а девлла, дӀасадаьржаш хилахь,


БалиӀама хӀара дешнаш элира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.


ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Ӏаш долчу вон адамашца а».


«Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дӀабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дӀакхоссан бен, цхьанна а хӀуманна пайденна дац.


Милла а Соьца воцург кхоьссина дӀа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТӀаккха и гаьннаш, гулдина, цӀерга кхуьссу. Уьш цӀергахь догу.


Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь.


Ӏийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара».


ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг.


Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тӀедоссарх,


Цундела Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?»


Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тӀеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна.


Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хӀаллакьхуьлийла хьан ахча, хӀунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду.


хӀунда аьлча суна чӀогӀа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чӀагӀдархьама а.


Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.


ХӀунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан юьхь тӀехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.


Цхьа хӀума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза?


Шен Са а, шуна юкъахь дина Ӏаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?!


Шун дегнашна тӀера пардо дӀадоккхийла Цо, шу тӀекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хӀун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ


Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду.


Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гӀуллакхдархо хилла сох. И Делан совгӀат суна делла Цуьнан ницкъаца.


Ткъа вайх хӀоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара.


Хьайгахь долу Делан Синан похӀма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тӀедахкарца а хьуна делла ду иза.


Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.


Дукха зуламаш дина суна цӀестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таӀзар дийр ду цунна.


Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тӀаьхьа, шу, чӀогӀа баланаш а лайна, чекхдевлира.


И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тӀе а чӀагӀдира, Шен лаамца Шен Са дӀаса а даржош.


Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тӀаккха цо доӀа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тӀера деха ца боху аса.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios