Ӏебархошка 6:18 - Делан Йозанаш18 Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама. Ver Capítulo |
Къинойн гӀуда такхаран сагӀина Ӏийса дӀавелира Дала. Ӏийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гӀуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таӀзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХӀинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Ӏийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца.
Тешар хиларна, цу хенахь хӀинца а ган йиш йоцуш долу хӀума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кӀелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тӀаьхьало елла цунна Дала.