14 Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тӀаьхье а лур ю».
ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду».
«Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина,
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю.
Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХӀара латта хьан тӀаьхьенна гуттаренна а дӀалур ду Ас“.
Церан тӀаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра. Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира, ткъа уьш оцу лаьтта тӀе схьабалийра Ахь.
Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».
Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чӀагӀо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахӀимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чӀагӀо ярна делла.
Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду.
ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».
Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХӀунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.