Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 6:13 - Делан Йозанаш

13 ИбрахӀимна Ша ваӀда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 6:13
15 Referencias Cruzadas  

ИбрахӀимца Ша бина болу барт, Исхьакхана, чӀагӀо а еш, Ша дина ваӀда.


Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».


Сайх чӀагӀо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хӀора а адам Суна хьалха горахӀуттур ду, ткъа хӀора маттахь Со къобалвина хир ву.


Амма хӀокху дешнашка аша ла ца догӀахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хӀара цӀа Аса дассор ма ду’“».


Амма ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхӀудхой: ‘Сайн сийлахьчу цӀарах Ас чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхӀудхочо кхин цкъа а Сан цӀарах чӀагӀо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чӀагӀо йо ас› – бохуш


Аса Сайх чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гӀала йохийна хилла дӀахӀуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цӀе а йоккхуш, неӀалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю».


Ас цуьнан мел долчу хишна уллора дерриг а даьхни хӀаллакдийр ду, адамийн когаша а, даьхнийн бергаша а кхин бехдийр дац и хиш.


Якъубан тӀаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахӀиман тӀаьхьенна Ахь къинхетам дӀагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваӀда деш лур ду аьлларг ду.


вайн дега ИбрахӀиме йина чӀагӀо. Дала ИбрахӀиме ваӀда дина,


Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чӀагӀбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хӀумма а цунна я тӀетоха, я иза бохо а.


Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чӀагӀо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахӀимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чӀагӀо ярна делла.


ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios