Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 6:12 - Делан Йозанаш

12 Мало еш а доцуш, шайн тешарца а, собарца а лур ду аьлларг схьаоьцучарах шу тера хила лаьара тхуна.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 6:12
36 Referencias Cruzadas  

Дукха къахьоьгург кхечарна тӀехь куьйгалла деш хир ву, ткъа малонча, лай санна, къахьоьгуш хир ву.


Малончин лаамаш кхочушхир бац, ткъа хьанал къахьоьгучун лаамаш кхоччуш Ӏаьбна хир бу.


Малончин некъ кӀохцалан керт санна бу, ткъа догцӀеначу стеган некъ шера бу.


Балха тӀехь мало йийриг а, хӀуманаш йохош верг а цхьана доьзалера ву.


Цундела дикачу нехан новкъахула а лела, бакъахьа лелачеран некъаш а лаха,


Шен кӀажаш тӀехь дӀасаетталуш йолу неӀ санна, иштта малонча а хуьлу шен меттахь дӀасакерчаш.


ДогцӀена верг вочу некъаца туьлуьйтург цо-ша хӀоттийначу гура чу оьккхур ву, ткъа ала хӀума доцучу нахе диканиг кхочур ду.


ПирӀунан южучу кхелашна юкъахь уггар исбаьхьачуьнца хьо юсту ас, сан хьомениг.


Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дӀа а хӀоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тӀе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гӀур дац!»


„Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!»


Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дӀа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Ӏанийначохь схьагулдой.


Эххар а сагӀадоьхург велла. Маликаша ИбрахӀимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дӀаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дӀавоьллина.


Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу».


Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гӀуллакх делаш.


Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.


Иштта, ИбрахӀим вукху тобанан а да хилла дӀахӀоьттина. Сунтдар тӀеэцна хилла а ца Ӏаш, вайн да волчу ИбрахӀиман сунтвале дуьйна долчу тешаран ларашца лела массо а сунтбинарш цу тобанна юкъабогӀу.


Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гӀуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха.


Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх.


Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?


Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца.


Тешар хиларна, пачхьалкхашна тӀехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хӀуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дӀа а къовлуш,


Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай,


Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта.


Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета.


Собарца хьоьжуш а Ӏийна, Дала шена лур ду аьлларг схьаийцира ИбрахӀима.


Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла.


Цундела, вежарий, кхидӀа а хьовсалаш Дала шаьш тӀекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу.


Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваӀда ду: хедар доцу дахар.


Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios