11 Тхуна лаьара, шух хӀораммо иштта шайн тӀедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама.
Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц.
Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.
Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хӀуманех лаьцна дийцар хӀинцале а дукха нах яздан гӀиртира.
Уллорачун догъэца похӀма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хӀуманийн кхечаьрца дакъа дан похӀма хьан делахь, уьш комаьрша дӀасаекъа. Куьйгалла дан похӀма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похӀма хьан делахь, иза а хазахетарца де.
Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргӀатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама.
Цкъа хӀинца долуш дерг хӀара кхоъ ду: тешар, сатийсар, безам. Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу.
Сан хьоме динан вежарий! ЧӀагӀлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гӀуллакхех дуьззина хилалаш, хӀунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гӀуллакх эрна довр доцийла.
Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш.
Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош.
Ӏийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тӀехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дӀадоьллур ду.
Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тӀехь шеконаш а йоцуш, чӀагӀ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дӀа ца хадийтахь а. Стигал кӀел болчу массаьрга а дӀахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахӀалах.
Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна.
Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахӀитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чӀогӀа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву.
Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Ӏаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Ӏара.
ХӀунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чӀагӀдар тӀедуьллу оха шуна.
Ткъа аша, динан вежарий, дарх кӀорда а ца деш, диканиг де.
ЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина.
Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.
Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.
ЮшаӀ волчу юха а баьхкина, цара элира: «Дерриг а халкъ а ца дохуьйтуш, ши-кхо эзар стаг вахийта ГӀай-гӀала схьаяккха. Уьш цигахь дукха а бац, дерриг а вайн эскар дахийттал».
Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу.
Цундела, вежарий, кхидӀа а хьовсалаш Дала шаьш тӀекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу.
Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дӀахӀитта а, Цуьнца бертахь хила а.
Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хӀинца а Ӏожаллин карахь ву.
Иштта вайна хаа тарло, ваьш билггал бакъдолчух дуйла. Цундела Цунна хьалха вешан дегнаш тедан тарло вай,
Толам а боккхуш, Сан гӀуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тӀехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гӀожаца царна тӀехь олалла дийр ду, кхийра пхьегӀаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Ӏуьйренан седа.